ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн юкъаралхоша меттанех низаман проект - "къаьмнашна дискриминаци яр ду" аьлла


Шайн лаамехь къаьмнийн меттанаш Iаморах пачхьалкхан Думас луьстучу низаман проекто шога йохош ю адамийн Конституцин бакъонаш аьлла, дIахьедина гIалгIайн юкъаралхоша.

Къоман култура хIаллакйийр йолуш, "Оьрсийчохь бехачарна сийсаз дискриминаци" яр ду аьлла цара Думас юкъаяьккхина проект. Цу кепара дIахьедар дина оршотдийнахь ненан меттанаш Iалашдаран денна лерина Карабулакехь дIаяьхьначу горгачу стоьлехь.

Регионерчу 11 юкъараллан организацеша дакъалецира дийцаршкахь а, горга стол ерзош тIеэцначу резолюцехь а. "Пачхьалкхехь ненан меттанаш Iамор "шайн лаамехь ду" а бохуш, ма дарра аьлча, дихкина ду меттанаш Iамо а, лардан а, ишта пачхьалкхехь дехачу къаьмнийн шайн култура а.

ХIораннан а бакъо ю шайн къоман мотт Iамо, цунна и дехка бакъо яц цхьаннан а. Оцу позицех тасаделлачу пачхьалкхан Iедало бIешерашкахь къийсам латтош бу Прибалтикан а, Украинан а пачхьалкхашкахь изза оьрсийн бакъонаш толо.

Ткъа хIунда яц Оьрсийчуьрчу кхечу къаьмнийн шайн мехкашкахь ненан маттахь деша?", - аьлла, горгачу стоьло арахецначу резолюци тIера дешнаш даладо бакъонашларъяран "Машр" организацин куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада.

XS
SM
MD
LG