ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъонашларъярхой реза бац Салахь Кадыровца тIекаре хиларна


Соьлжа - гIалахь куп тоьхначу Мисаран футболан тобан лидеран Салахь Мухьаммадан мехкан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца спортхой бахчабечу цхьана вар ца тайна бакъонашларъяран Human Rights Watch организацина. Нохчийчохь адамийн бакъонашца проблемаш ю, ткъа Кадыровца Салахь тIекаре хиларо мехкан куьйгалхочунна позитиве имидж кхуллу аьлла, шога критика йина бакъонашларъярхоша.

"Республикехь футболан тобано куп тохарехь шен статус айба гIерта Кадыров. Цо лелондерг хууш дара. Массеран а терго шена тIе ерзийна хила лууш ву иза. Нохчийчохь къизаллаш лелайо оцу стага, адамийн бакъонаш ларъяран муьлхха а болх дIа ца бохуьйту", - аьллачу, Human Rights Watch-ан директоран гIовсан Денбер Рейчелан дешнаш далийна Ассошиэ́йтед Пресс агенталло.

Мисаран делегацин векалша Соьлжа-ГIалина шаьш резахилар билгалдаьккхина. Кадыровца Салахьан тIекаре хиларх комментари ца йитина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG