ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинано Оьрсийчоьнна дуьхьал меморандум яьккхина


Терроризмна ахчанашца гIо дарехь къийсам латторан конвенци а, муьлххачу кепашкара расийн дискриминаци дIаяккхарх конвенци а Оьрсийчоьно йохийна хиларх ООН-ан Дуьненаюкъарчу кхеле меморандум луш ю Украинано. И хааме даьккхина пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министро Кликин Павела.

"Тхоьгара цхьа башха "совгIат" кхочур ду тахана Оьрсийчоьне ООН-ан Дуьненаюкъарчу кхелехь. 90 кила йозаллица, 17500 текстан агIо а йолуш, 29 томах лаьтташ, - яздина Климкина Твиттерерчу шен агIон тIехь шинаридийнахь. -Терроризмна финанасаш латторна а, расийн дискриминаци лелорна а меморандум ю оха чулуш".

"Оьрсийчоьнна дуьхьал меморандум чукховдор – ладаме мур бу ша мел лелийначу харцонех жоьпалла цунна тIедожош, - аьлла яздина Украинан президенто Порошенко Петрос.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG