ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь йоI йийначу кIентан дена дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдар доьху адвокато


Венехь 7 шо долу йоI Хадижат ерна бехкевинчу кIентан дена Хьасанна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхар дехна гIалин полицига. Йийначу йоьIан гергарчара тIедожорца, адвокато Раст Николауса яздина дIахьедаран ши кехат. "Кавказ.Реалиин" корреспонденте адвоката дийцарехь, цо бехкево Хьасан харц хаамаш а, эладитташ а даржорна. ХIун информаци юьйцу ца дийцина адвокато Раста, талламан къайле и хиларна.

Стигалкъекъа-бетттан 11-чохь дуьйнна чохь латтош ву полисхоша йоI йийна 16 шо долу Роберт. КIанта ша бехкана къера хиларх дIадийцина полицехь. Иза волу меттиг къайлаяьхьна Iедалша, йоьIан гергарчара бекхам барна кхоьруш. Хадижатан гергарчара шаьш чIир эца гIерташ дац аьлла, дIахьединшшехь, Робертан дахар кхерамна кIел хеташ, ларвеш ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG