ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пятигорскерчу комикна Слепаков Семенна байт язъеш, жоп делла Кадыровс


Мехкан куьйгалхочо ша ладуьйгIира аьлла забарен цуьнан дуьненан Чемпионатех эшаре, миллионашкахь кхечара а санна. Даим а аьтто ца болу футболхойн толам баккха, амма собаро а, юморо а ницкъ ло царна оцу дерригенца а ларадала. "Суна хазахийтира Слепаковн йиш, доггах вийлира со. Амма цхьабакъду, сан дош пармезан нехчал а ницкъболуш дац, сан дош тIулгал чIогIа ду. Ма мотталахь, Нохчийчохь забарх ца кхеташ бу алий. Делахь а, цхьа хIума ца тайна суна, Семенна со панацея (мифологехь массо а лазаран дарба, молха) хеттехь а, цуьнан эшарехь, ас куьйгалла ден тоба эшна юьсу. И дика дац", - аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс.

Шоумен Соьлжа-ГIала хьошалгIа кхайкхина мехкан куьйгалхочо, цхьаний керла илли даккха.

"Чемпионат йолалучу кху муьрехь вайгара гIоьналла оьшу спортхошна. Цара толам боккхург хиларх тешна ву со. Аьтто бойла церан Чемпионатехь!", - дIахьедина Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG