Нохчийчохь кхачан-сурсатийн мехаш марха досту денош гергакхаьчча хьаладаьхначул тIаьхьа, даздина тIедухучу хIуман мехаш а аьлла, дIахьедина махкарчу бахархоша. Цара дийцарехь, Iеламчаша мехаш ма ийде аьлла, дина дIахьедар йохкархоша тергал ца дина.
Бахархоша даредарехь, байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь дуьйнна цхьайолчу сурсатийн мехаш дазделлера 10-25 соьмана. Динан дайша дIакхайкхийнера, бусулба пачхьалкхашкахь Рамадан баттахь мехаш мелхо а охьадохуш хиларх. WhatsApp-ан мессенджерехула дIасабаржийра мехкан муфтийн Межиев Салахьан мехаш тIе ца деттар доьхуш, хаам.
ХIетте а бахархоша билгалдоккху, дуккхаъчу йохкархоша Iеламчийн а, меттигерчу хьаькамийн а дехарш тергамза дитар.
Республикан прокуратурано дIахаийтина, бух боцуш мехаш тIедеттар шаьш толлуш ду аьлла.
Делахь а, церан талламийн жамIех цкъачунна хууш дац.