ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

RSF: "Чемпионат йоьдучу юкъахь а таIзарш совцош дац"


"Чемпионат йоьдучу юкъахь а таIзарш совцош дац" аьлла, акци кхайкхийна "Доза доцчу репортераша" кхааридийнахь. Республикан майданахь Парижехь йолийначу акцин Iалашо ю - Оьрсийчоьнан набахтешкахь латтош болу журналисташ дагабахкийтар ю. Организацино мах хадорца, шайн профессионалан декхарш кхочушдина аьлла, таIзаре хIоттийначу 7 журналистан суьрташ тIехь долу плакаташ деанера репортераша майдана. Ву царлахь Нохчийчохь наркотикаш лелийна аьлла, бехкевина набахтехь даккха кхо шо тоьхна "Кавказский узел" агенталлан журналист Гериев Жалавди а.

Кху беттан 4-чу дийнахь шпионалла лелийна аьлла, 12 шарна набахте воьллина Украинан журналист Сущенко Роман.

"Доза доцу репортераш" организацин куьйгалхочо Делуар Кристиана аьлла: "Футболан ловзарш дIахьочу юкъанна вай дицдан ца деза вукху матчах, Оьрсийчоьнан Iедалш дозуш доцчу хаамийн гIирсашна дуьхьал лаьтташ, низам лардеш доцуш дIахьош йолу матч".

Иштта Делурара карладаьккхина, Путин Владимир президент хIоьттичхьана Оьрсийчохь мел лахара а 34 журналист вийна хиларх. Ю царлахь Политковская Анна а, Эстемирова Наташа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG