ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчу чемпионате богIучу пачхьалкхийн куьйгалхойн цIерш йовзийтина


Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс цIерш яьхна дуьненан футболан чемпионате богIучу пачхьалкхийн куьйгалхойн. Уьш бу – Казахстанан лидер - Назарбаев Нурсолта, Белоруссин – Лукашекно Александр, Абхазин —Хаджимба Рауль, Киргизин —Жээнбеков Сооронбай.

Иштта церемонехь шаьш хирг хиларх схьахаийтина Молдавин президенто — Додон Игора а, Панаман — Варела Хуан Карлоса а, Таджикистанан —Рахмон Эмомалис а, Къилба ХIиричоьнан — Бибилов Анатолийс а, Узбекистанан — Мирзиёев Шавката а.

Песковс бахарехь, тептарехь ю Парагвайн куьйгалхо Бенитес Мария Абдо а, СаIуда Iаьрбийчоьнан эла Аль Сауд Мухаммед бен Сальман а.

"Чемпионат йоьдучу юкъанна Оьрсийчу кхочур бу шайн командийн ловзаршка хьовса кхечу пачхьалкхийн куьйгалхой а", - аьлла пресс-секретара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG