Пенси воьду хан тIетохарна шаьш дуьхьал дуйла хаийтина 92 процент Оьрсийчоьнан бахархоша. 8 процент тIетайна керлачу пенсин реформина. "Керланаш" агенталло бина и хаам, "Ромир" холдинган талламийн жамIашна тIе а тевжина.
Iедалан лаам тайна 18-24 шаре кхаччалц болчу кегийрхошна.
58 % бахархоша 60 шаре бевлла божарий пенси баха беза аьлла. Зударий пенси боьлху хан тIекхочу церан 55 шо кхаьчча аьлла хьажам бу 62 процент хаттамехь дакъалаьцначеран.
29 процентна хетарехь, 50 шо дуьзча балхара саца еза зуда.
Изза хаттам дIабаьхьнера бахархошлахь "Ромиран" говзанчаша 2012-чу шарахь. Пенси боьлху хан тIетоха еза аьлла инициатива кховдийначарна хIетахь дуьхьал бара 80 процент бахархой.