ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн режиссер Говорухин Станислав кхелхина


Говорухин Станислав
Говорухин Станислав

Оьрсийчоьнан актер, режиссер, Думан депутат Говорухин Станислав кхелхина. Еаридийнахь бина и хаам парламентан лахарчу палатин спикеро Володин Вячеслава. Цо тIечIагIдарехь, еххачу хенахь цамгаро лаьцна вара иза. "Вертикаль", "Место встречи изменить нельзя", "Ворошиловский стрелок", "Благословите женщину" цIераш йолчу киношчохь ролаш ловзийна Говорухина. 2011-чу шарахь Путин Владимир хоржучу штабан куьйгалле хIоттийра иза, ткъа 2016-чохь пачхьалкхан Думан депутат хаьржира.

1995-чу шарахь коьртехь Говорухин Станислав а волуш, Пачхьалкхан Думан комиссии яхара СемаIашка, цигахь федералан эскарша лелийна зуламаш талла. Ша юхвирзича цо дIахьедар динера, къизаллаш лелийна меттиг ца карийра шена цигахь аьлла.

"Новая газетано" цхьа могIа артиклаш арахийцира, СемаIашкарчу бахархойн дагалецамаш тIехь. Къаьркъа меллачу эскархоша хIусамех цIерш туьйсуш, нах багорах а цхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG