ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буденновскехь хилла аьлла набахте воьлли кхи цхьа нохчо а


1995-чу шарахь Буденновскна тIелатар динчу Басаев Шемалан тобанехь хилла аьлла, бехкевинчу Нажин-Юьртарчу 46 шо долчу Даудов Бадруддина Ростов-гIаларчу Къилбаседа Кавказан тIеман кхело набахтехь даккха 14 шо хан кхайкхийна, хаамбо "Интерфакс-Юг" хьостано. Дукха шира гIуллакх ду иза бохуш, Даудовн адвокато дехар дира кхелахошка, иза бехкалара ваккха аьлла.

Басаевс тIелатар динчу заманчохь Даудов Буденновскехь гинера бохуш, ден тоьшаллаш къайлабаьхьначу наха деш хилар а, тергоне эцнера адвокато. Кхелан процессехь адвокато тоьшаллаш далийра, тIелатар дечу юкъахь бехкевийриг Шелковскойхь электростанцехь болх беш хилла хиларх. Даудовн алиби тIечIагIдина 48 тешо а. Иштта адвокато дийцарехь, Буденновскехь хиллачу, хьалхо хенаш йиттинчу Хабаевс а, Васаитовс а, Дудушевс а, Таймасхановс а, Муталибовс а тIечIагIдина, шайна Даудов вевзаш цахилар а, иза шайна цигахь ца гар а.

Хьалхо цунна тIехIоьттинера Нохчийчоьнан омбудсмен Нухажиев Нурди а, иза лацар низамашкахь дац аьлла. Делахь а, Даудовн кхеле ца веара Нухажиевн цхьа а векал.

Кхаа йоккхачу машенаш тIехь а, "Жигули" автомобилца а 1995-чу шарахь 160 тIемало Буденновск гIала чуваханера, байинчу оьрсийн салтийн декъий дохьуш догIу шаьш бохуш, 52 блокпотсна а, КПП-на а тIех а буьйлуш.

Талламан Комитетан зерашца, 1,5 эзар стаг лаьцнера тIемалоша йийсаре, 129 вийнера, 317 чевнш йинера.

Бертан дийцарш бахьана долуш, закъалтхойн ах дакъа маьршадаьккхира, ткъа тIелатар динчу тобанна Нохчийчу дIабаха некъаш даьстира.

ТIелатар вовшахтохарна бехке лору Басаев Шемал 2006-чу шарахь ГIалгIайчохь спецопераци дIахьош хIаллаквира. Яккхий хенаш а йиттина, набахтешкахь бахкош бу тIелеттачу тIемалойх цхьаберш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG