ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европарламент оьгIазе ю Мисарара футболхой Нохчийчохь совцарна


2018-чу шеран Дуьненан чемпионат йоьдучу юкъанна Нохчийчохь куп тохарна протест кхайкхийна Европарламентехь. ФИФА-н президенте кехат дахьийтина цу хьокъехь 36 депутато, хаамбина Маршо Радион корреспонденто Изовяк Рихарда Твиттерерчу шен агIон тIехь.

Зорбане даьккхинчу кехат тIехь тидаме эцна тIаьххьарчу иттех шерачохь, Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан урхалла дечу заманчохь, оцу махкахь адамийн бакъонаш ларъеш цахилар а, Iедална критика йинарг таIзаре валийна ца Iаш, бакъонашларъярхошна а, журналисташна а тIаьхьабевлла лелаш, уьш хIаллакхбеш хилар а.

Къаьсттина эргIадбахна кехатан авторш, "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб Iедалхоша набахтехь латточу юкъанна, Нохчийчохь Мисаран клубо куп тохар магийначу ФИФА-на.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG