ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь мухIажирш байинчарна 25 шераш тоьхна


Кхо шо хьалха Малхбалерчу Австрехь фургончохь садукъдала мухIажирш битинчу контрабандхошна набахтехь даккха 25 шераш хенаш тоьхна. Венгрин кхело бина и сацам, фургон лелораш шайн махкара Австрин территори тIе бовларна. Ши шо хьалха Австрин полицина некъан йистехь лаьттачу кир кхоьхьучу машенчохь 71 мухIажиран декъий хааделлера, шайлахь бераш а долуш. Йовхонехь нах бала а битина, бевддера машенан долахой. Шаьш балале хьалха фургончуьра арабийла гIиртина хиллера уьш, кузовна чухуларчу тIерсигна тIерачу лелхарша гайтарехь.

Белла дIабовллалц чохь яккха хенаш тохар дехнера царна Венгрин прокуратурано. Бехке хиллачу веа контрабандхочунна 25 шераш хенаш кхайкхийна кхелахоша. Бехкечарех цхьаъ ОвхIанистанан вахархо ву, кхоъ Болгарера схьаваьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG