ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: СаIуда Iаьрбийчоьнан а, Нохчийчоьнан а юкъаметтигаш кхиаме хир ю


СаIуда Iаьрбийчоьнан верасан принц Нохчийчу хьошлагIа кхайкхина Кадыров Рамзана. ВКонтактерчу шан социалан машанехь бина цо и хаам. "Оьрсийчоьнна а, СаIуда Iаьрбийчоьнна а юкъахь политикан, экономикан юкъаметтигаш шоръярехь, чIагIъярехь кхи цхьа гIулч а яьккхина тахана. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира вайн пачхьалкхе кхайкхина верасан эла Салман бен Мухьаммад. Кремлехь Путина а, элан а хиллачу цхьанакхетарехь Оьрсийчоьнан делегат санна ас а дакъалецира.

Ас а даггара баркалла элира Салман бен Мухьаммадана, иштта хьошалгIа кхайкхира вайн махка. Ша вогIур ву аьлла дош а луш, Оьрсийчоьнан субъект ларалучу Нохчийчоьнца юкъаметтигаш кхиаме а, тIаьхьало йолуш а хир ю аьлла, дIахьедира шейха", - яздо Кадыровс.

XS
SM
MD
LG