ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мемориал": Оьрсийчохь чемпионат йоьдучу юкъанна набахтехь 158 политикан тутмакх ву


Дуьненан футболан чемпионат йолалучу юкъанна бакъонашларъяран "Мемориал" центро зорбане яьккхина, шайна хетарехь, политикан тутмакхаш лоручийн тептар. Тептарехь ву 158 стаг. "Дуьненаюкъара футболан фанаташ бу Оьрсийчу гуллуш, шайна езачу командийн матче хьовса. Цара стадионаш дIаюзучу юкъанна Оьрсийчоьнан набахтешкахь бIеннашкахь политикан тутмакхаш буьсу.

Дуьнено тIе тидам бахийтина Украинан режиссер Сенцов Олег а, Титиев Аюб а воцург а, харц кхел йина дуккха а кхиберш а", - аьлла бакъонашларъярхоша.

Оцу юкъанна, "Мемориало" кхо бутт хьалха Iорадаьхначу терахьашна тIекхетта кхи а 15 политикан тутмакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG