ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхо хила луучунна хIоттийна экзамен


Мамсуров Аслан

"Хьо эккха араваьлла. Мичахь дийр дара ахь иза?"

Инцидент кхоллаелла Венерчу цхьана институтехь. Тоьллачех лоручу профессоро, политологин хьехархочо, экзаменехь студенташка – царалахь нохчий а бу - хаттар дина, "шаьш террорна арадевлла хилча, аш муьлха меттиг оьккхуьйтур яра", аьлла. ХIун "жоп" делла цунна студенташа, дуьйцу "Кавказ. Реалиин" корреспонденто.

"Аьр вай, хьо нохчийн террорхо ву (ю). Хьан Iалашо ю эккха Соьлж-ГIалахь лаьттачу танканна гергахь я Москох кинотеатрехь. Ахь муьлха меттиг хоржур яра? Стенна, язде доцца".

Дахначу Iай экзаменехь кхаьчна и хаттар Венерчу Хьехархойн Интитутехь доьшучу 20 шо долчу Заремина. Цунна доцург, кхин а ткъеха студентна кхаьчна изза хаттар. Жоп дала дезачийн могIарахь хилла кхин кхо нохчо а.

Расизман ун даржош хIоттийначу хаттаро нохчийн зудаберашна тIехь бела, царна Iиттарш ян баьхна гонахара дешархой. Делахь а, и оьзда доцу хаттар диса тарлора экзаменан гурашкахь, цхьана студенто къайлах сурт ца даьккхинехь.

Экзаменашкахь сурт даккха а, ша телефон лелон а дихкина ду. Цундела авторо, ша а ца вовзуьйтуш, Венехь бехачу нохчашка хьажийна ша хаттар тIехь долчу кехат гойтуш даьккхина сурт. Вукхара WhatsApp-ехула даржийна.

Цхьаммо сурт тIаьххьара а дикриминацина дуьхьалоечу комитете а хьажийна, авторан цIе йовзийта йиш яцар юьхьар а лоцуш.

"Таханлерчу сан экзаменах лаьцна дерриг а ду кхузахь". Студенто даьккхина сурт.
"Таханлерчу сан экзаменах лаьцна дерриг а ду кхузахь". Студенто даьккхина сурт.

" Дан йиш йоцу, зуламе хаттар"

Скандал кху деношкахь яьржина. Вевзаш волчу политолого, терроризман эксперто, Венерчу университетан хьехархочо Шмидингер Томаса шен Фейсбукерчу агIонтIе тоьхна экзаменерчу билетан сурт.

Хаттар дина шен коллеге. " Стереотипах кхоьллина, Iилманца догIуш доцу хаттар берашка даларо – царна юкъахь нохчий хилар а дагалаьцча – со цецваьккхина эр дара ас, амма тоаме дац иза а аьлла дитар. Айхьа и тайпа хеттарш хIоттош, хьо хIун къасто воллура?".

"Кавказ.Реалиина" еллачу интервьюхь Шмидингера элира, ша цецваьккхина хиллачо, шена цунах лаьцна нохчашкара хиира. Хаттар иштта хIоттадойла дац, иза скандал ю, доллучу къоманна тIеязйойла дац терроризм – оцу хьехархочо нохчашна санна, аьлла хета цунна.

Ша Фейсбукехь профессоран цIе яьккхича, кхечу студенташа а хаийтира шена цо расизм айеш къамелаш дуккха а динийла, бохура Шмидингера.

"Со тешна ву, и харцо Iораяьллий хиинчу цо, кхин дийр дац студенташна и тайпа хеттарш", - элира цо.

Профессорера даьлларг толлур ду ректорато

Венерчу Хьехархойн Институто сихха тергоне ийцира хилларг. Инцидент гIараяьккхинчу Шмидингеран йозанна бухахь цигарчу векало боху: "Оха толлур ду хилларг, довзуьйтур ду жамI".

Хан юкъайолале институтан пресс-декъо дIахьедар даржийра, шайн хьукматан куьйгалло бехкедо расизм яржор, дискриминаци яр, хуьлда иза экзаменнна хеттарш хIитторца я кхечу барамца доьзна, аьлла.

"Оха къаьсттина тидаме оьцу тхешан институт интернационализм еха, кегийнах вовшашца ийна хила беза меттиг хилар. Ткъа цитате даьккхина лела экзаменан хаттар дац тхан мехаллашца догIуш", - боху институто.

Хаттар хIоттийначу профессорца куьйгалхойн хилла къамел а довзийтина институтан пресс-декъо. Шен яцара цхьана къоманна дискринаци ян Iалашо, мелхо а ша воллура масс-медиа а, терроризм а симбиозе йирзича санна гойла хаийта, аьлла цо. "Со кхета, иштта ас хIоттийначу хаттаро нахана вас йина хиларх а, нехан дог-ойла човхийна хиларх а", - боху безказволуш профессоро.

Шмидингер Томас тешна ву, деккъа оцу къамело профессор юьхькIайчу воккхуш цахиларх. Институто долийна хилларг листа, лаххара а административан таIзар кхачор ду цунна, ткъа Австрин пресса ерриг а санна ю институтехь деллачу расизман хаттарх лаьцна яздеш, элира инцидент гIараяьккхинчу политолого.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG