Кху беттан 15-чохь дуьненан дуккха а маьIигашкахь Марха Досту Де билгалдоккху бусалбанаша, беза Рамадан-бутт а берзош (Iаьрбаша цунах "Iийд-ул'-Фитр" олу). Кхаа дийнахь лаьттар ду дезде. "Кавказ.Реалиино" схьагулбира социалан машанашкахула оцу дийнахь наха вовшашка хьийсийна самукъане хаамаш (фотогайтам хIоттийна 2017-чу шарахь).
Марханаш къобалдеш хьан, муха олу?
Шайхаша а, Обамас а, …цициган кIорнеша а сий до Дезачу Iийдан!

1
Юкъа СаIудийн риалаш а дехкина...

2
Дубайрчу сагIадечу фондо Iийд-ул'-Фитрца декъалбо нах кунафаш а, рахат-лукум а йоькъуш (Iаьрбийн мерзалгаш).

3
СаIуда Iаьрбийчоьнан Салманан го бу иза а, цуьнгара дарж караэца къастийна цуьнан воI Мухьаммад а Рамадан берзарца декъалвеш.

4
Массех кхачанца уьстагIан васт хIоттийна Мархин шун хаза хилийта
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832