ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцойн Iедалша Оьрсийчоьне дIавели нохчо


Немцойн Iедалша Оьрсийчоьне дIавелла Нохчийчуьра схьаваьлла Баймурзаев Мохьмад. Бакъо йоцуш герз лелорна а, стаг вен кIелоярна а бехкевеш ву иза. Оьрсийчоьнан прокуратуран пресс-гIуллакххоша бина и хаам.

"Солжа-ГIаларчу цхьана ресторанехь некъан полисхочуьнгара эцначу тапчанца шена евзачу цхьана зудчунна масийттазза тапча йиттина хиллера цо 2015-чу шарахь. Лоьрийн орца тIекхачаран бахьанашца са чохь йисинера и зуда", - аьлла бу хаам. ТаIзарх къайлавала аьтто баьлла и стаг, Iедалхоша дуьненан лехамашка веллера иза.

Германехь Баймурзаев хаавелча, стохка иза схьавоьхуш кехат дахьийтинера Оьрсийчоьно немцойн Iедале.

Кху деношкахь улло лерина конвой а яьккхина, немцойн Iедалхоша Москох дIакхетийна бехкевийриг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG