ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Котиев лаьцна вуьтуш сацам бина кхелахоша


Россельхозбанкна къоладина аьлла, лаьцна Котиев Руслан кхи а баттахь чохь сацош сацам тIеэцна Магасан кхело. Котиевн гергарчара а, лулахоша а цуьнан алиби ю боху.

Стохка Воронежехь полисхоша дIалаьцна иза, кхелан лаамца ГIалгIайчохь латтош ву иза.

Цу дийнахь шайн кIант республикехь а вайцара бохуш, дIахьедо Котиевн гергарчара. Кисловодскерчу хьешан цIийнан администрацино а тоьшалла дина, 11-12-чу а деношкахь отелехь вара иза ааьлла.

Адвоката Куриев Жабраила тIедожийра, иза бехкевинчуьнца цхьанакхетар хилийта Котиевн аьлла. Тешана вевзина а ца хилла Котиев.

2016-чу шеран аьхка Iуьйранна дина Сунжерчу Россельхозбанкна къола. Юьхьанца 50 шо долу, хеттарш дечу заманчохь велла Далиев бехке ву аьлла, юьхьарлаьцнера полисхоша. Оцу банкехь кассир хиллачу Далиевн зудчо Точиева Марема дIахьедира, полисхоша йиттина вина иза аьлла.

Далиевн гIуллакх бахьана долуш лаьцна бу тахана экстремизмца къийсам латточу Центран белхахой.

Бехкевечунна бехкзуламан гIуллакхан материалаш йовза еза аьлла, бахьана а хIоттийна, кхи а баттана чохь валло хан дIаяхйина Котиевн.

ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхеле апелляцин арз чуделла цуьнан адвокато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG