Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело листи 37 шо долчу Мальсагов Исламна дуьхьал айдина гIуллакх. Иза бехкево даккхий ахчанашца талораш лелорна а, адаман могушаллина зенаш дарна а, стаг верна а.
Талламчаша къасторехь, стохка бIаьста Ульяновскера еана еххачу хенахь Соьлжа-ГIалахь белхаш беш йолу шена евза Уколова Лариса "Мерседес" машен дIа а йоьхкина, дIаяха йоллий хиича, план тоьхна Мальсаговс иза ен а йина, цуьнан машен шена ерзо.
Оцу Iалашонца, машен йохкарх дийцаршка кхайкхинчу зудчунна тIелатар а дина, иза йийнера цо. Цуьнан дакъа ГIойтан йистехь лаьттах доьллина, Пятигорске машен йохка ваханера Мальсагов.
Бехк хилар тIе а чIагIдина, кхело 25 шо хан кхайкхийна цунна набахтехь яккха.