ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пенси воьду хенаш тIетухуш куьйгъяздина Медведевс


Премьер - министро Медведев Дмитрийс куьйгяздина, пенси воьду хан тIетухуш низаман проект кховдийна Пачхьалкхан Думе. Цуьнца а догIуш, 65 шо кхаьчначул тIаьхьа стеган а, 63 шаре яьллачу зудчун а бен таро хир яц пенси баха.

Хьалхо "Ведомости" гIирсо хааме даьккхира, пенсин реформа мел а кIадъян некъаш лоьхуш ю Кремл, нагахь пачхьалкхехь протесташ ян буьйлалахь.

Президентан пресс-гIуллакххоша дIахьединера, реформа йийцарееш дакъалаьцна дац Путин Владимира, министрийн кабинета куьйгакIел ю иза аьлла.

XS
SM
MD
LG