ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарарчу футболан тобан лидер Салахь Мохьамед винчу денца декъалвина Нохчийчуьрчу цуьнан фанаташа. Дашо бутса а югIуш, 100 кила торт елира цунна совгIатна.

Карладоккху, Дуьненан чемпионат йоьдучу юкъанна Соьлжа-ГIалахь куп тоьхна, "Ахмат - Арена" стадионехь матчна кечамаш беш ю Мисарара тоба. Де хьалха Уругвайра еанчу тобанца хиллачу ловзарехь ийшира Мисарара футболхой 0:1 чоьтаца.

Лазийначул тIаьхьа дикка меттаванза Салахь футболан майдане ца велира. Тренеро Купер Эктора ша кхоош ву иза аьллера, Петарбухахь 19-чу дийнахь Оьрсийчоьнан тобанхошца хинйолчу матче ваккха.

XS
SM
MD
LG