ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьана баттахь 15 стаг вийна Къилбаседа Кавказехь


Къилбаседа Кавказехь герзаш караэцна хиллачу конфликташлахь Охан-баттахь 15 стаг вийна, цхьанна чевнаш йина. "Кавказан узел" агенталло шайн материалаш тIехь а, диллинчу хьостанийн информацех а пайда а эцна дина цу кепара жамIаш.

Охан-баттахь Дагестанехь 13 стаг вийра, цхьанна чевнаш хилира. Лерина операци дIахьочу заманчохь а, муьлш бу цахуучу наха динчу тIелатарехь а иккхинера цигахь зулам. Кеп-кепара чевнаш йира полисхочунна.

Нохчийчохь полисхоша лаьцначул тIаьхьа вийна цхьа стаг.

ГIаттамхо хилла ву аьлла вийра Ставрополан кIоштахь спецопераци дIахьош цхьа жимстаг.

ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачойн-Чергазийчохь а, Къилба ХIирийчохь- Аланехь а Охан-баттахь герзашца конфликтаг хилла яц.

XS
SM
MD
LG