ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох таксхочо нах лазийна, бу царлахь кхечу пачхьалкхийн бахархой а


Москох таксхо тротуар тIе а ваьлла, некъахошна тIе машен тоьхна. ВорхI стаг лазийна, бу царлахь кхечу пачхьалкхашкара нах а. Москохарчу Мексикан векалто Твиттерехь бинчу хаамца, церан вахархо ву лазийначух шиъ

ГIалин полицино дIахьедина, машенан урхалла дечуьра воьхна хилла таксхо аьлла. ЦIечу майданна гена доццуш хилла и инцидент. Дуьненан чемпионате хьовса баьхкина туристаш гулло меттиг бу и майда.

Велла стаг а вац, амма 7 медицинан гIо кхачийна.

ТАСС агенталлан хаамашца лазийна Украинан цхьаъ, Оьрсийчоьнан ши вахархо а. Таксхо дIалаьцна полицино, хаамбо Москохан чохьарчу гIуллакхийн урхаллехь.

ГIиргIазойчуьра вахархо ву машен лелорийг. 2022 –гIа шо тIекхаччалц бакъо ю цуьнан таксхочун болх бан. Амма яц цуьнагхь футболан Чемпионатехь хила аккредитаци.

CNN корреспонденто некъан хьовзам хиллачу меттигера йинчу репортажехь билгалдаьккхина, "чемпионат бахьанехь доллу дуьнено Оьрсийчоь тергонехь латточу заманчохь, Iедалхоша хилларг некъан низамаш ца лардар ду" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG