ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцураев Тимуран илли социалан машане даккхарна гIуда тоьхна


Нохчийчуьрчу Веданан кIоштарчу вахархочунна гIуда тохарца таIзар дина социалан машанерчу шен пена тIе бардан Муцураев Тимуран илли олларна.

"Административан 1500 гIуда хьарчийна Веданан кхело меттигерчу вахархочух, экстремизме артиклаш ю аьлла, федералан тептаре яьхна материалаш яржорна аьлла, хаамбина "Кавказан узел" агенталле прокуратуран векало.

Муцураев Тимур шуьйра вевзаш ву Нохчийчохь тIеман шерашкахь дуьйнна. Оьрсийн маттахь дара цуьнан юьхьанца тIамах, тIаьххьара джихIаде кхойкху иллеш.

2010-чу шарахь Кемеровон кхело бардан 20 илли экстремистийн ду аьлла тептаре дехира, ладогIа а, даржо а доьхкуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG