ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра мухIажир лаьцна Германехь


Немцойн полици.
Немцойн полици.

Германин полицино лаьцна Полшера Белге воьдуш хилла Нохчийчуьра мухIажир. Цунах лаьцна хаам бина Кавказ.Реалиино, цу жимачу стеган гергарчара дуьйцучунна тIе а тIевжаш.

Болчу хаамца, Мовсар Г. цIе йолчу стеган хилла Белгин а, Полшин а Iедалша делла политикан мухIажиран кехаташ. Иза сацийна Германерчу Одерна тIехь Франкфуртана гергахь.

Полицино кхетийна и жима стаг лацаран бахьана Евробертан территорина тIехула дIасалела бакъо луш долуш кехат ца хилар ду аьлла.

Европолан базе хьажца гучудаьлларг ду Мовсар Г. Оьрсийчоьно лоьхуш хилар. Гергарчу хенахь Германин кхело сацам бийр бу и стаг муьлхачу пачхьалкхе дIавала веза бохучу хаттарехь – Оьрсийчоьнан Федераце, Полше я Белге.

Карарчу хенахь иза латтош ву Котбус гIаларчу набахтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG