ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижехь уьрсаца тIелатар дина Азимов дIавоьллина Нохчийчохь


Азимов Хьамзат.
Азимов Хьамзат.

Парижехь Стигалкъекъа-баттахь терроран тIелатар дина жима стаг Азимов Хьамзат дIавоьллина Нохчийчохь. Цунах лаьцна Маршо Радионе хаам бина Францехь бехачу нохчийн диаспоран векалша.

Хууш ма хиллара, 21 шо долчу Нохчийчохь винчу Францин махкахочо Азимовс Стигакъекъа-беттан 12-чу дийнахь, цхьа стаг а вуьйш, виъ лаза а веш, уьрсаца тIелатар дира Парижерчу цхьана урамехула буьйлабелла лелачу нахана. Зуламхо полисхоша вийра, герз а тоьхна.

Таллам бар чекхдаьллачул тIаьхьа Азимовн дакъа дIаделлера гергарчаьрга. Мангал-беттан 18-чу дийнахь Iуьйранна иза дIавоьллина Нохчийчуьрчу цхьана эвлан кешнашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG