ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь вайна ОМОН-ан куьйгалхо хилла Ахмадов Артур


Ахмадов Артур.
Ахмадов Артур.

Нохчийчуьрчу ОМОН-ан куьйгалхо лаьттина волу Ахмадов Артур лар йоцуш вайна, муьлш бу ца хуучу наха дIавигинчул тIаьхьа. Иза хилла Мангал-беттан 16-чохь Соьлж-ГIалин кIоштан Пролетарски (60 лет Октября) эвлан йистехь.

Ахмадовга шайна тIаьххье машен дIаяийта аьлла герзаца хиллачу наха. ТIаьхьо гергарчаьрна карийна машен, амма Ахмадов цу чохь ца хилла.

Цхьаболчу хаамашца, кху беттан 17-чохь Ахмадов цIа валийна цхьана наха, тIера бедар хийцийта, амма тIаьхьо, кхин иза мичахь а, хьа а латтош ву а ца дуьйцуш, дIавигна юха а.

Ахмадов Артур вевзаш ву республикехь президент Масхадов волчу хенахь Iедалан хIусаман гIаролан хьаькам хилла хиларца. ШолгIа тIом болабелча иза дехьавелира Кадыров Ахьмада куьйгалла дечу Оьрсийчоьнан Iедалша Нохчийчохь кхоьллинчу администраце.

Кадыров кхелхинчул тIаьхьа, президент Алханов Iалус Ахмадовх тешийра республикера ОМОН.

2007-чу шарахь цу даржера иза дIаваьккхира Кадыров Рамзана. Цу хенахь дуьйна эшаршлакхархочуьнан карьера йолийнера цу стага, "Президент" тоба а кхоьллина. Амма дукха хан ялале иза, Нохчийчуьра дIа а вахна, ваха хиира Пятигорскехь (Ставрополан мохк).

Ахмадов вевзачу наха дийцарехь, иза сих-сиха цIа вагIара цхьа а дуьхьало а йоцуш. Меттигерчу Iедалшца ийгIина а вацара Ахмадов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG