ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вала воьжча бен цIа вохуьйтур вац хьо"


КIира доьрзуш Европерчу адамийн бакъонийн кхело 114 орзах ша бина сацамаш бовзийтина, царех 111 арз бакъ а деш.

"Медиазоно" гойту кхелехь тоьллачарна Оьрсийчоьно мел ахча охьадуьллур ду компенсацина – 641 эзар евро.

Дукхахболчу арзахошца харцо лелийна Адамийн бакъонаш а, коьрта маршонаш а ларъечу дуьенаюкъарчу конвенцин 3-гIа артикл талхорца – "Iазап дехкар". Доккхачу декъанна, хьехориг ду лецна нах къизачу, торуш доцчу хьелашкахь латтор а, дIасалелор а. Кхело, билгалдаьккхина, масала, тутмакхашна набахтехь меттигаш цатоар - иза "адам сийсаздар" ду, аьлла.

Арзхошларчу Арслановна кхело кхачийна 5 000 евро компенсаци. Набахтехь эшначу хьелашкахь, боьхачу чоьна чохь кхобу ша, аьлла дара цуьнан арз.

10 000 евро кхачийна Кабардоковна. Цо арздинера, набахтехь хьашт хилча цхьалха вуьсийла дац, чохь хьожа лаьтта, матардоьлла, боьха ду чуьра пенаш, кхача вон бу, аьлла.

Нижний Новгородерчу №11 набахтехь 6 шо даьккхинчу Загалов Эдуарда а, цуьнца кхин масситтаммо а динчу орзан цIе яра "Улезкин а, кхиберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал". Цара шайна кхача ца тоьа, аьлла, арздинера. Веккъа цхьана Загаловна Оьрсийчоь декхарейина 5 000 евро дала.

Кхечу тутмакхашна а кхачийна Европан кхело пхийтта-пхийтта эзар евро – заьIапхошна латто догIу хьелаш дац набахтехь аьлла дара церан арз.

Масала, "Джанаралиев а, кхиберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" цIе йолчу девнехь заьIапхойн гIудалкхахь бен лелалуш а воцу тутмакх леткъинера набахтехь пандусаш а, челакхчунна ваха оьшу кхидолу хьелаш а дац, аьлла.

И арзхо лаьцна 2005-чу шарахь. Шен лулахочуьнца, улле хиина, машенахь воьдуш хилла Джанаралиев. Новкъахь эскархошна машен ца сацийна цара, ткъа вукхара герз диттина, вийна машенлелорхо, чевнаш йина Джанаралиевна.

1-чу группан заьIапхо а волуш вигина иза хIетахь кхеле. Шен лулахочуьнца цхьа а юкъарло дацара, гергахь вехаш хилар доцург, боххушехь, набахте хьажийна Джанаралиев. "Набахтин хьаькамо, вала воьжча бен цIавохуьйтур вац хьо, аьлла", - яздинера кхеле цуьнан зудчо.

Нохчийчоьнан лакхарчу кхело 12 шо хан тоьхна Джанаралиевна набахтехь такха 2005-чу шарахь. Мордоверчу набахте хьажийна. Ткъа цигахь шена латточу хьелашна реза воцуш, дуккхаза а лецна цо мацалла.

Тюменна гергахь набахтехь валлочу дагестанхочо Салимсултановс арздина хилла, набахтин кертахула парггIат дIасаволавала аьтто бац шен, ша накъостийн гIоьнца бен ара а ца валало, шена хеннахь гIудалкх а ца елира, заьIапхочунна латто догIу хьелаш а ца латтадо, аьлла.

Iазап латторах долу девнаш листина ца Iаш, Европан кхело листина Конвенцин 6-гIа артикл талхорах долу девнаш а – "кхел нийсонца яйта кхочу бакъо". Кхелаша бина сацамаш хеннахь чекх цабахар, тутмакхца лелон еза нийсонаш Оьрсийчохь низамашца къастийна яцар билгалдаьккхина Страсбурго.

Дагадоуьйту: Европан кхелан сацамашца а догIуш, тIаьххьарчу 20 шарахь Оьрсийчоьно арзхошна елла компенсаци ю 200 миллион евро гергга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG