ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мангал-беттан 24-чу дийнахь болалуш бу "Ведучи" курортехь аьхкенан мур, хаам бо chechnyatoday сайто. Цунна кечам болийнера "Курорты Северного Кавказа" (КСК) акционерийн юкъаралло Оханан-баттахь дуьйна.

"Ведучин" администрацин декъашхоша бинчу хаамца, цу курортехь болх беш хир ю аьхкенан кинотеатр а, вилспеташ мехах лело ло пункт а, кхоьллина ю цхьацца спортан ловзарийн зона а, говрашкахь а, квадроциклшца а тураш а, иштта дIа кхин а.

Данедукъ ломанан хазалле бIаьрг тоха туристийн аьтто беш, экскурсеш яран рожехь болх бийр бу канатан некъо. "Ведучи" баьхкина хьеший дIатарбийр бу "Эдельвейс" хьешийн хIусамийн комплексехь.

XS
SM
MD
LG