ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев дIахьецар дехна Iамеркан Пачхьалкхан департаменто


Iамерка -- Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан векал Нойерт ХIизер. 2018

Iамеркан Пачхьалкхан Департаменто кахайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб а, ткъа иштта политикан тутмакх лоруш волу Сенцов Олег а, Клых Станислав а дIахеца аьлла.

Iамеркан дипломатин хьукматан векло Нойерт ХIизера дийцарехь, Цхьаьнатоьхна Штаташ сагатдеш ю Титиевн а, Сенцовн а, Клыхан а, кхин болчу харцонца чубоьхкинчу нехан кхоллам хьокъехь.

"Оха кхайкхам бо Оьрсийчоьне, синхонца дIахеца аьлла, массо а политикан тутмакхаш лерина я динан бух тIехь чубоьхкина нах", - аьлла ду Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан сайта тIехь.

Наркотикаш лелийна аьлла лаьцна волчу Титиевн бехктакхаман гIуллакх Iедалша шаьш кхоьллина ду, аьлла хета Пачхьалкхан Департаментана.

XS
SM
MD
LG