ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь пенсе воьду хан хуьйцур яц бохург харцдина Кадыровн зорбанан секретаро


Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан зорбанан секретаро Каримов Iаьлвис харцбина, пенсе воьду хан Нохчийчохь хуьйцур яц аьлла, Кадыров Рамзанан цIарах баржийна хаам.

Цо дийцарехь, Нохчийчоь, кхин йолу регионаш санна, Оьрсийчоьнан субъект ю, пачхьалкхехь тIеоьцуш долу низамаш кхочуш дан дезаш йолу, хаам бо ИА REGNUM агенталло.

Интернетерчу социалан машанехь пенсе воьду хан тIехьатоттур яц аьлла, яржийна информаци пуьташ а, питана а ду боху Каримовс.

Оршотан дийнахь цхьамогIа зорбанан гIирсаша яздинера, Нохчийчоьнан куьйгалхочо бинчу хаамца, республикехь пенсе воьду хан тIехьатоттур яц, иза дан йиш йоцу билламаш тидаме а эцна, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG