ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема ваха дагахь хиларна чувоьллина Соьлж-ГIалара вахархо


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийчохь Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан кхело, кхо шо колонехь даккха хан а тоьхна, чувоьллина Шема тIаме ваха дагаахь хилла меттигера вахархо.

Талламхойн версица, 2017-чу шарахь цу махка ваха дагахь араваьлла хилла иза стохка аьхка. Амма, кечамаш беш а волуш, иза лаьцна ницкъаллин структурийн белхахоша.

Кхо шо колонехь даьккхинчул тIаьхьа и стаг декхарелахь вина кхин а цхьана шарахь дIаса ца волуш ша вехачу меттигехь ваха.

"Кавказский узело" яздарехь, тутмакхо хан токхур ю чIагIйина раж йолчу колонехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG