ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна а, Гергарчу Малхбаленна а юкъахь юкъарло лело лууш вац Кадыров


Кадыров Рамзан а, Абу-Дабин принц Мухьаммед бин Зайед Аль Нахайан а.
Кадыров Рамзан а, Абу-Дабин принц Мухьаммед бин Зайед Аль Нахайан а.

Iаьрбийн пачхьалкхашца йолчу шен юкъаметтигашна комментари йина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо чIагIдарехь, Малхбузерчу зорбанан гIирсаша харц хаамаш баржош бу цуьнан цу юкъаметтигех лаьцна, яздо Кавказ.Реалиино.

Ша аьлча, хьехош дерг ду футболан дуьненан чемпионат йоьдучу юкъана Нохчийчохь Мисаран футболан тоба дIатаръярца доьзнарг.

Кадыровна цатайнарг ду Британерчу The Guardian-о цу хьокъехь яздинарг. Газетана хетарехь, Путинна а, Гергарчу Малхбаленна а юкъахь юкъарло лелош хилар Iалашоне кхача яьккхина гIулч ю Кадыровс Мисаран къоман футболан тоба Соьлж-ГIалахь тIеэцар.

Кадыровс иза бакъдоцург ду боху. Цо билгалдоккху, дазорг Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралла хилар а, ткъа ша дерриг а Оьрсийчоьнна оьшург дан дезаш хилар а.

"Шуна иза товш дацахь, дан гIо дац сан, цу диагнозца даха дезар ду", - яздина Кадыровс шен Телеграм-каналехь, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG