ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махках волуш Абдулатиповн ваша лаьцна Москох


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервисан белхахоша Москох лаьцна Абдулатипов Раджаб, Дагестанан куьйгалхо хиллачу Абдулатипов Рамазанан ваша. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо".

Болчу хаамца, Абдулатипов лаьцна махках вала дагахь аэропорте ваханчохь, цо деза зулам дина хила мега аьлла шеко йолуш. Иза хIун зулам ду дуьйцуш дац.

Абдулатипов Раджаб Оьрсийчоьнан Федералан миграцин гIуллакхан Дагестанерчу декъан куьйгалхо хилла ву 2006-2016-чу шерашкахь. Цул тIаьхьа иза хилира Дагестанан Халкъан гуламан депутат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG