ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къаьмнийн меттанех лаьцна низам къобул дина Пачхьалкхан Думо


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо кхаж тесна къаьмнийн меттанаш Iаморах лаьцна низам теоьцуш. 19Манг2018
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо кхаж тесна къаьмнийн меттанаш Iаморах лаьцна низам теоьцуш. 19Манг2018

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо шинарин дийнахь хьалхарчу дешарехь тIеэцна къаьмнийн меттанаш Iамор бахархойн лаамехь дуьту низам. "Дешарах лаьцна" низаманна тIехь цу хьокъехь оьшуш болу хийцамаш барехьа кхаж тесна 373 депутато, дуьхьал хилла кхоъ, шен оайла ца йовзийтина цхьаммо. Дуьхьал кхаж тесначарна юкъахь вац Къилбаседа Кавказера цхьа а депутат.

Кхушарахь Оханан-баттахь Пачхьалкхан Думе кховдийначу цу низаман проекто къаьмнийн меттанаш Iамор бахархойн лаамехь дуьту. Цу тIехь яздина ду "Оьрсийчоьнан Федерацин пачхьалкхан меттана эшам а беш", Iама бойла дац къоман мотт аьлла.

Оьрсийчохь дехачу къаьмнийн "ненан мотт" Iамо йолчу бакъонах лаьцна аьлча, проектца а догIуш, и бакъо кхочуш йийр ю "дешаран системо лушчу аьттонех пайда а оьцуш, мотт Iамочунна а, цуьнан дена-нанна а луург тидаме а оьцуш. Керлачу низамо декхарелахь бо дешархой а, церан дай-наной а шайн лаам кехатца тIечIагIбан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG