ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнгазарчу бахархоша таIзар дар доьху Мачаликашвили вийначу полисхошна


Гуьржийчоь -- Заза Саралидзе а, Мачаликашвили Малхаз а, Мачаликашвили Темирланан кошан уллехь. 19Манг2018
Гуьржийчоь -- Заза Саралидзе а, Мачаликашвили Малхаз а, Мачаликашвили Темирланан кошан уллехь. 19Манг2018

Мачаликашвили Темирлан вийначу Гуьржийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахошна тIаIзар дар доьхуш митинг дIаяьхьна Дуисехь ПIаьнгазарчу бахархоша. И жима стаг стохка ГIура-баттахь, коьртах герз тоьхна лазийнера, иза вижина Iуьллучу хIусаманна чулилхинчу полицин лерринчу тобанан белхахоша.

ПIаьнгазара митинг.
ПIаьнгазара митинг.

ТIаьхьо 19 шо долу Мачаликашвили велира клиникехь, кхин кхетамчу а ца вогIуш. Гуьржийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша чIагIдора, иза террорхо вара бохуш.

Дуиси эвлахь митинг вовшахтоьхнарг вара Темирланан да Мачаликашвили Малхаз. Цу акцехь дакъалоцуш вара Сарилидзе Заза. И стаг ву шен 16 шо долу кIант вер нийсонца таллийта гIерташ араваьлла.

Цунна тIехIиттинчу Гуьржийчуьрча бахархоша Iаткъам бар бахьана долуш, шайн даржаш дитина министрийн кабинетан декъашхоша, шайна юкъахь премьер-министр а волуш.

XS
SM
MD
LG