ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов вер кхин дIа а толлуш ду


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Оьрсийчоьнан Талламан комитет а, Федералан кхерамазаллан сервис а (ФСБ) юха а талла йолаелла политик Немцов Борис вер хьокъехь долу бехктакхаман гIуллакх. Цунах лаьцна хаам бо "Росбалт" агенталло.

Талламхой тIаьхьакхиа гIерташ бу Немцов вуьйш лелийна зуламхоша герз мичахь дIадиллина бохучунна. Амма коьрта Iалашо ю иза вейтар вовшахтоьхнарг мила ву къастор.

Цу Iалашонца вуно чолхе тIеIаткъам ловш бу колонешкахь Немцов верца доьзначу гIуллакхехула чубоьхкина латтош болу нах.

Дадаев Заур ву Иркускан кIоштахь ИК-3 колонехь, Губашев Анзор ву Карелерчу ИК-9 колонехь, Бахаев Хьамзат ву ИК-11 колонехь. Иза ю Кирово-Чепецкехь. Ткъа Губашев Шадид ву Лабытнангерчу ИК-8 колонехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG