ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийн боксер Хурсидзе бехке лаьрра Нью-Йоркерчу кхелехь


Нью-Йоркерчу кхелехь. Гайтаман сурт.
Нью-Йоркерчу кхелехь. Гайтаман сурт.

Нью-Йоркан кIоштан кхелехь цхьамогIа зуламаш дарна бехккъасторхоша бехке лаьрра гуьржийн хилла боксер Хурцидзе Автандил. Цу хьокъехь хаам баржийна Iамеркан юстицин департаменто, яздо "Грузия Онлайн" агенталло.

Цунна догIуш долу таIзар дIакхайкхор ду суьдхочо Гезгмашин-беттан 21-чу дийнахь.

Хурцидзен бехктакхаман гIуллакхехула жоьпе озийна ву "къуйн баьчча" лоруш волу Шулая Ражден.

40 шо долу Шулая вевзаш ву "Брат" а, "Рома" а, "Ражден Питерский" а олучу цуьнан накъосташа шайлахь йоккхучу цIершца. И стаг хьалха Европехь а лаьцна хилла ву, 2013-чу шарахь Европоло цхьаьнаметта масийтта пачхьалкхехь, шайна юкъахь Итали а, Литва а, Чехи а, Португали а, Франци а, Венгри а йолуш, операци дIахьош.

Хурцидзе декъашхо хиллачу криминалан вовшахтохараллан декъашхошна бехке дуьллург ду нуьцкъала ахча даккхар а, бозбунчаллаш лелор а, нуьцкъала декхарш схьадахар а, талораш дар а, ахчанах адамаш дайар а, наркотикаш йохкар а, герз дохкар а.

Гуьржийчуьра а, Оьрсийчуьра а, Украинера а махкахоша кхоьллина зуламе вовшахтохаралла гучуяьккхира Iамеркан федералан Iедалша цхьа шо гергга хьалха. Цу гIуллакхехула Федералан талламан бюрон белхахоша лаьцна ву 30 гергга стаг.

Хурцидзен 39 шо ду. Боксах леташ цо 33 толам баьккхина, 2-зза эшна иза, шозза цо дакъалаьцна латар дIадирзина толамхо воцуш.

Болчу хаамца, Хурцидзе чуволла мегаш ву 40 шо гергга хан а тоьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG