ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламхойн хьалханча Гагиев Аслан Оьрсийчу дIахьажийна Австрин полицино


Гагиев Аслан.
Гагиев Аслан.

Зуламхойн тоба кхолларна лоьхуш хилла Гагиев Аслан (Джако) Оьрсийчу дIахьажийна Австрин Iедалша. Цунах лаьцна хаам бина, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн зорбанан сервисо.

Кавказ.Реалиино дийцарехь, Гагиевна бехке дуьллуш ду иттаннаш нах байарехь дакъалацар, шайна юкъахь ницкъаллин структурийн белхахой а, лаккхара даржаш дIалоцуш хилла Iедалхой а, бевзаш болу совдегарш а болуш.

Масийтта шо хьалха къайлавала аьтто белира Гагиевн. 2014-чу шарахь ГIадужу-баттахь иза дуьненаюкъарчу лехаме веллера Оьрсийчоьно. 2015-чу шарахь Гагиев лецира Австрехь.

Венерчу аэропортехь Гагиев дIавелла Оьрсийчоьнан таIзарш кхочуш даран урхаллан а, Интерполан белхахошка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG