ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

WhatsApp-хула зIенехь ву Соьлж-ГIалан мэр


Соьлж-ГIаларчу мэрино WhatsApp-хь тоба кхоьллина, бахархойн хьашташка мелла а сиха хьажар Iалашонца. Цу мессенжджерца болх беш хир бу гIалин администрацин жоьпаллин белхахой.

Цу хьокъехь хаам бина шен Mylistory агIонехь мэро Хучиев Муслима, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. Цо дийцарехь, Соьлж-ГIаларчу бахархойн аьтто хир бу WhatsApp-хь шайна ца тайначух лаьцна хаам бан. Латкъамчо йитинчу телефонехула кхачамбацар дIадаккхар Iалашонца цуьнца зIене бевр бу мэрин белхахой.

Хучиевс адрес а дитина, луучунна WhatsApp-хь шаьш кхоьллинчу тобанах дIакхета аьтто луш йолу. https://goo.gl/vc3zwz

Цу тобанна юкъахь ву цкъачунна 200 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG