ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эмираташкара дохьу духIеш схьадаьхна Соьлж-ГIаларчу вахархочуьнгара


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

14 кила духIеш схьадаьхна Iаьрбийн Цхьаьнакхеттачу Эмираташкара цIавогIучу Нохчийчуьрчу вахархочуьнгара. Бахьана ду цо уьш декларацина тIе дIаяздина ца хилар, яздо "Аргументы и Факты" газето.

Некъахойн багаж толлуш цу стагехь карийна, цо чIагIдарехь, веза-вевзачунна совгIаташна дохьуш хилла 28 шиша Iаьрбийн Lamsa а, Majestic а духIеш. Минеральные Воды аэропортерчу дозанал арахьара чуйохьчунна тӀера ял йоккхучу хьукматан белхахоша иза контрабанда лелор лерина.

ХIинца цу стагана гIуда тоха мегаш ду, оцу духIийн болчу механ шозза барам болуш. Уьш дIадаха а мега цуьнгара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG