ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мацалла кхайкхийна Оьрсийчохь колонехь латточу ГIирмерчу гIезалочуьнан нанас


Оьрсийчоь-- ГIирмера гIезалой (аьр.- аьтто) Ваитов Рустем, Ростох, Къилбаседа Кавказан тIеман гонан суд, Гезг. 7, 2016
Оьрсийчоь-- ГIирмера гIезалой (аьр.- аьтто) Ваитов Рустем, Ростох, Къилбаседа Кавказан тIеман гонан суд, Гезг. 7, 2016

Оьрсийчохь йихкинчу "Хизб ут-ТахIрир" исламан юкъараллан декъашхо ву аьлла чувоьллинчу Примов Нурин нанас мацалла кхайкхийна ГIирмехь. Цо кхайкхам бина Севастополерчу ФСБ-н урхалле, шен кIант дIахецар доьхуш.

Примова Раймес дийцина Маршо Радионе, Оьрсийчоьнан Iедалшца барт а бина, хуьйцур болчу Сенцов а, Кольченко а кхин болчу а Украинерчу тутмакхашна юкъатохийта гIерташ ю ша шен кIант аьлла.

Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураш лелочунна дуьхьал, шинарин дийнахь дуьйна хи малар бен кхин кхача тIеоьцуш йоцчу Примовн нанас чIагIдо, шена ницкъ мел тоьа мацалла хьоьгур ю ша бохуш.

Примов Нури чувоьллина ву 2016-чу шарахь Гезгмашин-беттан 17-чу дийнахь дуьйна, Къилбаседа Кавказан тIеман гонан суьдо 5 шо хан а тоьхна. Карарчу хенахь таIзар токхуш ву иза Марий Эл республикерчу колонехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG