ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Лаккхара суд: Базарш дIаяхьар бахьана дац митингаш ца яйта


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Кхело кхаарин дийнахь шен пленумехь сацаман проек тIеэцна, дуккха а наха дакъалоцуш дIахьочу мероприятех лаьцна.

Кхелан декъашхошна хетарехь, низамо ма бохху кехаташ кечдина дIахьош йолу акци кхечу метте дехьаяккха а, хан хийцина яйта а бакъо яц Iедалан, оццу хенахь цу меттехь кхин мероприяти ю аьлла а, гIашлошна новкъарло йо аьлла а, машенаш дIасалеларан маршрут хийца езаш хиларна а.

Карарчу хенахь оппозицин митингаш вовшахтухурш шайца дагабовлуш, дуьхьалонан акци ца яйта Iедалша далош долу бахьанаш ду уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG