Гергарчу мукъачу деношкахь кху дуьнентIехь уггаре а еха хир йолу шашлык ян дагахь бу Дагестанера кхачакечбархой. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо", Оьрсийчоьнан шашлыкъярхойн цхьаьнакхетараллан векалшна тIе а тевжаш.
Мангал-беттан 23-24-чу деношкахь фестивал хир ю Дагестанехь, доьзалан мехаллашна а, кхоллараллана а, културана а хьажийна. Цуьнан декъашхой къовсалур бу, уггаре еха шашлыкаш а, шаурма а ярехула. Нагахь аьтто балахь, шайн кхиам Гиннесан рекордийн жайне дIаязбайта хьажо дагахь бу уьш, яздо Кавказ.Реалиино.
Шашлык хир ю 255 метр еха, ткъа шаурма – 20 метр.