ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь эпсарш ца тоар цхьалхадаьккхина тIеман министралло


Оьрсийчоьнан тIеман министралло юкъаяьккхина лейтенанташ кечбон керла график. 2018-чу шарахь эскаран лаккхарчу дешаран школаша шозза арахоьцур бу курсанташ.

Иза доьзна ду лаккхара дешаран меттигаш деа шеран программина тIе йовлуш хиларца, яздо "Известия" газето. Цо дийцарехь, цу кепара 2018-чу шарахь эскаре хьажор ву 2 эзар гергга лейтенант, вуьшта аьлча стохка хиллачул а кхузза алсам.

4 шарахь эпсарш кечбон система хилла Своетан Пачхьалкхехь. И хан тоьара эскаран лаккхарчу дешаран школашна говза эпсарш арахеца. Оьрсийчохь лейтененташ кечбан оьшуш йолу хан яхйира 5 шаре 1995-чу шарахь.

Амма кхин а 4 шо далале Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча, цига хьажо эскархой эшарна, цхьа шо хенал а хьалххе, эпсарш а бина, арахийцира курсанташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG