ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шамановн а, "Солнцевская" талорхойн тобанан а уьйрех лаьцна дийцина The Insider-о


Оьрсийчоь -- Шаманов Владимир а (аьрро), "Роснефть" пачхьалкхан компанин куьйгалхо Сечин Игорь а.
Оьрсийчоь -- Шаманов Владимир а (аьрро), "Роснефть" пачхьалкхан компанин куьйгалхо Сечин Игорь а.

"Солнцевская" лерринчу Iалашонна вовшахкхеттачу талорхойн тобанан хьалханчан Михайлов Сергейн (Михась) гIоьнчин Тамм Арнолдан (Спиваковский Андрей) мобилан телефонера Испанин полицино схьэцна сурташ зорбане даьхна The Insider-о.

Оьрсийн мафица доьзначу бехктакхаман гIуллакхна юкъатоьхначу масийтта сурта тIехь Михасьца цхьаьна дIахIоьттина ву цу Оьрсийчоьнан турпалхо Пачхьалкхан Думан депутат инарла Шаманов Владимир.

The Insider-ро бинчу хаамца, и сурташ даьхна ду Москох Lotte Hotel цIе йолчу хьешан хьусамехь. Шамановца а, Михайловца а лаьтташ ву "Локомотив" футболан тобанан тренер Семин Юрий.

The Insider-о дагадоуьйту Шаманов Пачхьалкхан Думан тIеман комитетан куьйгалхо а, тIеман хьашташна хьажийна федералан бюджет йоькъучу парламентан комиссин гIаьнтадех цхьаъ а хилар.

Нохчийчохь тIом боьдуш инарла Шаманов гIаравелира, кхел а ца еш, адамаш дайарца а, тIамах бевдда боьлхучу маьрша нехан коврашна тIt бомбанаш еттарца а, ткъа иштта тIемаш боьлхучу меттигашкара маьрша бахархой арабовлийтар доьхкуш омра даларца а.

"Глыба" цIе йолу (Тамбовн лерринчу Iалашонна вовшахкхетта талорхойн тоба) Шамановн хилла нуц чувоьллира 2009-чу шарахь, 10 шо хан а тоьхна, стаг вен гIортарна а, ахча даккха гIортарна а бехке а вина.

Оцу хенахь хIаваан десантан эскаран буьйранча волчу Шамановс леррина кечйина эскархойн тоба хьажийра шен невцан фирме, цигахь таллам барна новкъарло яйта дагахь. И бахьана долуш цунна таIзар дира, хIаваан десантан эскаран буьйранчан дарж дIалаца кхоччуш хьакъ долуш вац аьлла.

Стохка Гезгмашин-бутт чекхболуш Испанерчу Марбельехь полицино лецира 11 стаг, шайна юкхаь Тамм воцург, "Марбелья" футболан клубан долахо Гринберг Аександр а, цу клубан вице-президент Пастушенко Герман а, Agua Sierra de Mijas компанин долахо Кузнецов Олег а, цу компанин кхин а ши куьйгалхо - Дождев Сергей а, Дзреев Владимир а волуш. Масийтта бутт баьлча уьш дIахийцира,закъалтана ахча а эцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG