ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев хьокъехь Нойертана жоп делла Кадыровс


Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан векал Нойерт ХIизер.
Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан векал Нойерт ХIизер.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша цецваьлла хилар хаийтина, "Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб дIахеца аьлла, Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан зорбанан секретаро Нойерт ХIизера кхайкхам барна.

Цунах лаьцна Кадыровс яздина шен Telegram-каналехь, хаам бо РБК-но. Кадыровс дийцарехь, Нойерта "ларамаза шена тIеоьцу Оьрсийчоьнан суьдан системан декхарш, Титиев Оюб набахтехь латтор бух болуш дац аьлла" дIахьедар дарца.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаккхарехь, Титиев лаьцна ву, цуьнгахь наркотикаш карорна. Кадыровс чIагIдарехь, Нохчийчохь "кхечу меттигашкахь чулла алсам лаам бу цхьана а хӀуманна тӀехь озабезам боцуш таллам дIабахьа.

Кху беттан 18-чохь Iамеркан Пачхьалкхан Департаменто кахайкхам бинера Оьрсийчоьнан Iедалшка, "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб а, ткъа иштта политикан тутмакх лору Сенцов Олег а, Клых Станислав а дIахеца аьлла.

Iамеркан дипломатин хьукматан векло Нойерт ХIизера дийцарехь, Цхьаьнатоьхна Штаташ сагатдеш ю Титиевн а, Сенцовн а, Клыхан а, кхин болчу харцонца чубоьхкинчу нехан кхоллам хьокъехь.

"Оха кхайкхам бо Оьрсийчоьне, синхонца дIахеца аьлла, массо а политикан тутмакхаш лерина я динан бух тIехь чубоьхкина нах", - аьлла ду Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан сайта тIехь.

Наркотикаш лелийна аьлла лаьцна волчу Титиевн бехктакхаман гIуллакх Iедалша шаьш кхоьллина ду, аьлла хета Пачхьалкхан Департаментана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG