ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мохьамед Салахь - Нохчийн Республикан лараме махкахо


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен омран копи а, некха тIе латош йолу веназ а елла футболхочунна Мохьамед Салахьна, пIераскана сарахь Мисаран футболан тобанна деза хьошалла дечу хIумакхалларехь.

"И цIе йогIуш яра (Мохьамед Салахьна). Эзарнаш берийн а, кхиазхойн а, баккхийчеран а ган аьтто хилира кху дуьнентIехь уггаре говза болчу футболах ловзархо волу иза", - элира Кадыровс, хаам бо "Чечня Сегодня" агенталло.

Шен агIор Мохьамед Салахьа баркалла аьлла шаьш Соьлж-ГIалахь дика тIеэцарна а, дика лелорна а, баха а, ловзарна кечдаьла а тIех дика хьелаш кхолларна а, яздо агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG