ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Молдовера Оьрсийчоьнан эскарш хьокъехь резолюци тIеэцна дуьненаюкъаралло


Приднестровьера, талламца чекхволуьйту меттиг.
Приднестровьера, талламца чекхволуьйту меттиг.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло кхайкхам бина Оьрсийчоьне, Приднестровьера Молдован Республикера эскарш арадаха аьлла. Цу хьокъехь леррина резолюци тIеэцна Инарлан Ассамблеяно, Молдован а, Канадин а, ткъа иштта цхьамогIа Малхбалерчу а, Юккъерчу а Европерчу пачхьалкхийн дехарца.

Цу резолюцин проект тIеэцарехьа кхаж тесна 64 пачхьалкхо. Дуьхьал хилла 15, шайна юкъахь Оьрсийчоь а, Боларуси а, Эрмалойчоь а, Къилбаседа Корей а, Шема а йолуш. 83 пачхьалкх кхаж ца тосуш сецна.

Резолюцина критика еш вистхилла Оьрсийоьнехьа ойланаш йолу Молдован президент Додон Игорь а.

Оьрсийчоьнан эскарш дIатардина ду Приднестровьехь 1992-чу шарахь дуьйна, цхьана декъана Советан Пачхьалкхах дисина герз лардан.

Молдовано дуккхазза а дехна уьш цигара дIадахар.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Инарлан Ассамблеяно тIеоьцу резолюцеш хьехар даларан амал йолуш ю, уьш кхочуш ца йича а мегаш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG